Ахмат-Хаджи Кадыров - Первый герой Чечни посвятивший свою жизнь служению Чеченскому народу!

07.06.2021

Къизачу 1ожалло,вайна юкъара д1аваьхьира нохчийн къоман бакьволу къант,вайн республикан доьххьарлера Президент Кадыров Ахьмат- Хьаьжа. XIоран доьзале а кхечир оцу ирчачу бохаман ачо. Массо а нохчочун дагах чекх белира и лазам .Дерриг халкъо а,махко а, дуьнено а лоруш, си деш а стаг вара иза. Тахана кхин алсамбуьлу вайн цуьнга болу ларам. Иза даимна а вехар ву къоман син къетамехь. Вай маьрша дахийтархьама ша шен са а ца кхоош ваьхна а. шен дахар д1а делла а стаг ву Ахьмат -Хьаьжи. Вайн ц1е йахханчу поэташ ,байташ,стихш,иллеш доху цуьнан синна а. Цара гойту шай дегалазамаш. Уьш а, вай а тешна ду шен дас Ахьмат- Хьаьжас юьхьар лаьцна хилла некъ цуьнан къанта,Кадыров Рамзана кхиамца кхочуш бийриг хиларх.

Мехкан к1ант - турпалхо тхан Ахьмат-Хьажа

Шолг1а а т1ебеъна и къиза т1ом Майралла,

стогалла дагчу ца тарлуш

Хьо ара велира лардан хьайн къам

Да-нана, хьайн доьзал, х1усам а юьтуш

Ц1е Хилла догу дог маъкана луш

Нохчийн халкъ къизачу балехь доккхуш.

Хьо декъал хиллера дахар д1алуш 

Дахаран некьаш, хьан хиллехьа а доца

Сирлачу седанах тар делла уьш

1ожалло ваккхарах хьо тхуна гена

Халкъанна вехар ву цкъа виц ца луш.

Ах белла некъ д1ах1ур бу оха.

Дала хьан 1азот къобал дойла.